94 — 

Тховса а суна наб кхетац

Тховса а суна наб кхетац,
Вай къастар лалуш дац соьга.
Кхета со собардан дезарх,
Амма дог кхойкхуш ду хьоьга.

Хьо варе мерза сатуьйсуш,
Тешахь а, цаварна кхоьруш,
Со 1ашшехь, шуьйра г1улч туьйсуш,
Хан йоьду, даго хьо воьхуш.

Мел денош вайшинна юккъе
Беха некъ билларехь ихна.
Тховса а сан наб ахь яьхьна,
Хьо ч1ог1а яхъелла, буьйса.

Мел денош вайшинна юккъе
Беха некъ билларехь ихна,
Яхъелла, яхъелла буьйса,
Тховса а суна наб кхетац.

-------------------------
Раиса Ахматова