37 — 

Хьо ма яра екхна ойла

Хьо ма яра екхна ойла,
Маьлхан з1аьнарш,
Беттан нур.
Хилча дийнахь
Б1аьрга гойла,
Бара и сан
Ирсе мур.

Тарлой хьох и сирла шовда,
Кийра 1або
Воьжча чу.
Ойла юхий, соцу г1оттий,
Лекъна висахь
Х1ун дер ду?

Юха тарлой
Хаза зезаг,
Кара эца
Вахча т1е,
Марг1алдолахь х1ун дан деза?
Олий, лета
Кийр ц1е.

Ишта лела сацар доцуш,
Малхе, батте
Тарлой хьо.
Дог-ам лаьтта ц1аро морцуш,
Йо1, ма лела
Вицвай со.

-------------------------
Шаид Рашидов