25 — 

Хьо-м яха эхарта

Хьо-м яха соь йоьду
Я юьту доцуш,
Сан кийра 1овжийна
Эхарта д1а.
Со виси хьоьх ваьлла
Доттаг1а а воцуш,
Ткъа муха воьрзур ву
Хьо юьтуш ц1а?

Вовшеха хьулдина
Дацара х1умма,
Дийнахь ца гича
Сихлора дог.
Со-м варий дахар а

Лур долуш хьуна,
Ткъа х1унда теси ахь
Сан кийра ц1е?

Мел къона яра хьо!
Юьхь яра сирла!
Ехара массарна
Кховдийна са.
Къайлаха мулкулмовт
Деана хилла,
Хьан ши б1аьрг хьаббина
Даха и д1а.

Баланаш байбан сайн
Коша т1е вог1у,
Ойланца дийца хьоь
Дагара сайн.
Амма хьо д1атийна
Жоп доцуш данне.
Г1айг1ане воьрзу ц1а
Хьоь хьохьуш 1ай.

Эрна ду мохь бетташ
Кхайкхар а хьоьга.
Ма цхьалха вити ахь
Дуьнен чохь со.
Ца соцуш сан б1аьрхиш
Коша т1е оьгу,
Йист хилий алахьа:
"Суна хьо го!"

Хьо-м яха соь йоьду
Я юьту доцуш,
Массарех къаьстина,
Эхарта д1а.
Хьуо езнарг цхьа вуьтуш,
Дерриге отуш,
Со муха воьрзур ву
Хьоьх ваьлла ц1а.

-------------------------
Шаид Рашидов