55 — 

Даг чохь бен ца хьоьсту хьо

Даг чохь бен ца хьоьсту хьо.
Даг чохь бен веза а алац.
Мел г1ертарх, хьо виц ца ло.
Оццул ас къехкорх-къахкац.

1емина сагатдан со.
1емина со б1аьрхиш ледо.
Ас мацца вицвийр ву хьо.
Къахкор ву! - сайн дог ас тедо.

-------------------------
Малкан Исмаилова