32 — 

Исбаьхьа хьан амат

Хьом хилла 1аламо хьаьстина эсала,
Ткъа х1инцам хьоьх хьоьгуш хир ду и ша.
Исбаьхьа хьан амат, х1ора дош эшар,
Дуьне шех хьегор ду хьан б1аьргаша.

Ма хаза кхоьллина хилла хьо везар,
Ма товш ду хьоьгахь и, хьан башха куц.
Доьху ма кхардалахь со хьайга хьежарх,
Ца 1аббал бахьна дай сунам схьагуш.

Хьан б1аьргийн къорачу тийналлехь яйна,
Цхьа к1еззиг хан яккха елара йиш.
Да виса вайн уьйраш вовшашца тайна,
Дуьне ша делара кхуллуш вайн ирс!

-------------------------
Неизвестный