8 — 

Тахханалц ас лоьхуш

Тахханалц ас лоьхуш
Х1умма дац хьуна,
Цхьа безам боцург.
Дуьнен чохь кхин бахам
Ца оьши суна,
Еккъа хьо йоцург.

Амма хьо д1алур яц,
Хьомениг, цхьанна,
Са мел ду дег1ехь.
Хьо лоьхуш лелар ву
Б1аьрзениг санна,
Ца воьрзуш ц1ехьа.

Ткъа хьоьха суо къастахь,
Шийла т1улг хилла
Вужур ву лаьтта,
Йиш йоцуш суьйренца
Шовдане вийла,
Хьала ца г1атта.

-------------------------
Шаид Рашидов