7 — 

Хьо бен яц

Дуьнен чохь хьо бен яц
Сам дагна езнарг,
Дуьнен чохь хьо бен яц
Сан сина эшнарг.
Хьол хаза, хьол оьзда
Цхьа а ца хета,
Геннара гича а
Дагчу малк кхета.

Со муха вехар ву
Хьоьха д1акъастахь?
Хьо йоцург цхьа а яц
Дош аьлла хаста.
Хьуна ас кхиийна зезагийн аре.
Хьомениг, ма г1олахь кхечуьнга маре.

Юьгур ю лаьмнашка
Лакхенаш гайта,
Беттанур 1еначу
Шуца некъ байта.
Седарчий кховдор ду
Стиглара даьхна,
Поэтийн долахь ду
Хийламмо баьхна.
Дахарехь хьо бен яц
Сан дагна езнарг,
Дахарехь хьо бен яц
Сан сина эшнарг.
Дуьнен чохь хьан меха
Цхьа а ца хета,
Буьйсанна гича а дагчу малх кхета.

-------------------------
Шаид Рашидов