12 — 

Вага ма вехьа

Седа, со вага ма вехьа,
Вуьшта а вогуш ву со.
Цхьа к1еззиг къинхетам бехьа,
Лацахьа тутмакхан г1о.

Алахьа генарчу г1алахь,
Муха ду езачун хьал.
Ехий те боцуш и бала?
Яланза юй теша гал?

Я еха со виц а велла,
Биц бина ша йина мохк?
Кхечунна дог а д1аделла,
Коьрта чу д1адижна дохк?

Хаийта, вицвина яхахь,
Лууш вуй со цунна ирс.
Вожавеш г1айг1а т1еярах,
Ца еллий суна ша йиц.

-------------------------
Шаид Рашидов