46 — 

Тховса а хиъна 1а со вог1авелла

Тховса а хиъна 1а со вог1авелла,
Ерриге ойланаш хьун д1аелла,
Геналлехь делла дош сихонца дуьйхи,
Безаман ч1аг1онех бен доцчух юьйхи.

"Ма вола со йолчу кхин цкъа а!" - аьлла,
Хьо-м яха букъ тоьхна меллаша яьлла,
Меттах ца валалуш лаьтти со-м тийна,
Цецвуьйлуш дог дисарх эккханза, дийна.

Х1унда йин чов суна ца 1уттуш шаьлта?
Маьлхачу лакхене кхочу сох яьлча?
Хьалха ма хуьлийла халонаш ирхе,
Даима кхочийла лехначу ирсе.

Суна ирс ца карий хийла ког беттарх,
Хьуо а жоп доцуш тийн кхойкхуш мохь беттарх,
Ц1еххьана сан даг чохь къегина седа,
Стигланан есаллехь лечкъи сох бедда.

Цундела хиъна 1а со вог1авелла,
Ерриге ойланаш хьуна д1аелла,
Ламанан басарчу т1улга т1ехь тийна,
Довхачу кху дийнахь дарц хьоькхуш кийра.

-------------------------
Шаид Рашидов