26 — 

Со д1а ма татта

Оьг1азе дош алий со д1а ма татта,
Вуьшта а доца ду дахар.
Цул т1аьхьа ца хуьлу хан яккха атта,
Хьо ю сан деган стом, бахам.

Нагахь со вицвина кхечунах кхетахь,
Ойла а яханехь цуьнга, хаийта.
Цхьа харц дош эр дац хьоь, теша,
Ладог1а езашволчуьнга.
Къастаран къаьхьа кад мер бу хьоьх хадча,
Х1умма дац 1ожалла кхачарх.
Х1ун дора ваьхна а езачух ваьлча,
Шеквалац коша чу кхачарх.

-------------------------
Шаид Рашидов