29 — 

1ай

Декабран юккъера
Де дара шийла,
Лаьтта т1е дуьллура луо.
Дуьхьала хиъна хьо хьоьжура тийна,
Къайлаха хьоьжура суо.
Хьан б1аьргийн чохь йолчу йовхоно башха,
Верриге вохвира со.
Балдаш хьан догура
Ц1е санна шаьшха,
Амма ца доьхура г1о.

Товш бара хьан беснийн
Т1ера цхьа т1еда,
Къайлаха ела къажар.
Яхара йоьссина
Йист хилла к1еда,
Йитина лай т1ехь цхьа лар.
Дара и-м декабран
Локкъерчу дийнахь,
Г1алара ц1а дог1уш вай.
Ло дара т1едог1уш,
Некъ-шера, шийла,
Девзара вайшинна 1ай.

-------------------------
Шаид Рашидов