51 — 

Гур яц суна

Хьуна езнарг елла аьлла,
Кхаъ соь баьккхи цхьаммо шийла.
Махаца г1аттарх орцахваьлла,
Шолг1а иза гур яц дийна.

Зезагийн курс марахь къуьйлуш,
Безам бахна вагарх цунна,
Вог1ий ларвеш, кет1а юьйлуш,
Шолг1а иза гур яц суна.

Буса стиглахь седа бедча,
Т1аьхьа хьоьжуш г1ийла цунна,
Дуьне мел ду хьаьдда леларх,
Шолг1а иза гур яц суна.

Дагна валлалц 1ийжам битна, 1ожалла и йигна х1унда?
Леларх дерриге дуьне дитна,
Шолг1а иза гур яц суна.

-------------------------
Шаид Рашидов