72 — 

Ца моьттура

Ца моьттура, ахь дийр ду
Х1илла,
Чов а йина лазор ду сан
Дог.
Ца моьттура, баьгна чим а
Хилла,
Д1абовр бу ас мел баьккхина
Ког.

Ца моьттура суна, хетта сирла
Хьан ойланех хьерчар тешнабехк.
Хьоьх ца кхеттал хьекъалах а
Тилла,
Х1унда хилла-те 1ехаделла дог?..

-------------------------
Муса Сейлмуханов