67 — 

Ма шийла хета тховса

Ма шийла хета тховса
Суна хьоькху мела мох.
И бу-кх ца юьтуш ерза д1а хьан
Харцоно йина чов.
Ма 1ехаме эрна сан б1обоьлла хилла
Хьоьх,
Цундела деган лазам аса цхьааллехь
Айсса лов...
Тоьург хилла хьуна-м
Кхечо лебен шалха мотт а.
Х1оттийна хилла цо хьан коьртехь
Сох тешаран къелла.
Цхьана юкъана хеттехь а
Х1ара дуьне суна готта,
Вайн къастаран не1-м суна
Шуьйра еллаелла.

-------------------------
Муса Сейлмуханов