62 — 

Дагара хаа

Дависа хьан даг чу хьажа, х1ун
дагахь ву хаа хьо. Сил мерза
йоь1а дог хьаста, хьа, мичахь
1амийна хьо? Лаар-кха даге
кхаъ баккха, хьох тешна
доккха садаккха. Алахьа, мегар
дуй суна, хьох тешна т1етовжа
хьуна? Дог, лазахь йилхича
нана, наний бер къастийча
наха. Доьху, сох къинхетам
белахь, ца езахь ма 1ехаелахь!
Х1умма а дац набарал мерза,
хьан хабар цул ч1ог1а дезна.
Лаар-кха хьан б1аьра хьежа, -
Еза хьо,- цкъамукъне хезна.

-------------------------
Бирлант Талхигова