59 — 

Сега-вохвац

Йог1аелла хьан соь хьежар
Беттасечул башха
Йовхо ца луш ду.
Со гуш долчух нийса кхетахь
Безам-маьлхан суй
Кхетта бац хьан даг чу.

Йо1, хьан б1аьргаш-и ши буьйса
Сан сурт доккхуш х1унда хьуьйсу?

-------------------------
1илмади Цоккуев