15 — 

Вог1у со

Хьахийча нахала валарна кхоьруш,
Сайн деган к1оргенехь хьулйина хьо.
Дийнахь а, буса а до1анца йоьхуш,
Даима сатуьйсуш лийлира со.

Амма хьо ехара кураллехь сетташ,
Дуьненна хазалла кхийдаеш хьайн.
Хьуо езаш вогучу суна пе бетташ,
Ву моьттуш муьлхха а веккъа хьайн лай.

Хьуна ца евза дахаран к1орге,
Цхьатерра ца хуьлу мел йог1у хан.
Денна а бос хуьйцуш дог1уш го Орга,
Къурдаш деш хьаьжний хьо, хуьйцу цо чам?

Хьахийча нахала валарна кхоьруш,
Сайн деган к1оргенехь хьулйира ас.
До1анца даима
Деле хьо йоьхуш,
Вог1у со-м йицийна ахь йина вас.

-------------------------
Шаид Рашидов