16 — 

Х1умма дац со вицарх

Х1умма дац со вийцарх,
Хьо еза, бохуш.
Ловр ду ас иза а
Хилчхьана хьо.
Массарна геч до ас гича хьо йог1уш.
Сайн дахар, сайн бахам,
Ирс хьоьца го.

Б1аргаш чохь гуш ма ду
Суна хьо езар.
Гуш ду и-м хьаьжча а
Тергонца соь.
Дуьнен чохь йоккху хан
Хилча шо эзар,
К1ордор а дацара
Хьежа а хьоь.

Сан йовхо хьоьца ю,
Серло ю хьоьца.
Къастича со муха Вехар ву те?
Ехачу урамехь
Даима соьца,
Билгала даккхахьа соь йог1у де.

Х1умма дац вицарх а,
Хьо еза, бохуш.
Наггахь ган дуьнен чохь
Хилчхьана хьо.
Эшамаш бицло сайн
Гича хьо йог1уш,
Дахар а, бахам а,
Ирс хьоьца го.

-------------------------
Шаид Рашидов