30 — 

Дахаро вадийна лелорх

Дахаро вадийна лелаварх,
Хьан амат соьцанна ду.
Тешалахь, волийла делах,
Сан безам, ойла хьо ю.

Доггах хьо езаш ю суна,
Цунна яц кхеташ а наб.
Т1екхача сатуьсу хьуна,
Лехарца б1аргаш лац хьаб.

Ма ала, хьалхе ду веза.
Хьоьца бен сайн ирс а гац.
Хьан-хьанна бевзаш бяц безам,
Хьоьха сан вала йиш яц.

Дахаро дег1 д1асакхийсарх,
Ойла, дог хьоьцанна ду.
Ницкъ бац сан цаьрцанна къийса,
Хьан даше хьаьхна со ву.

-------------------------
Шаид Рашидов