69 — 

И хенаш т1ехтили

Цхьа хан йог1у дахарехь
Дуьненнал ша хеташ,
Къоналло 1ехабой, ловзабеш
Кхетам...
Ирсечу кханене, сатуьйсуш
Ойла,
Сакьоьруш лелла, дог 1енош, тойнехь.
Безамах ца 1ебаш, ца кхочуш хьекъал,
Масане дина хир ду лар йоцу некъаш...
И хенаш т1ехтуьлий паналлехь йов,
Йисинчу ханна дуьтий шен ов.
Щовкъечу дахаро ловзийна дог: -
Х1унда ду хьан соьца
Х1инца а дов?!.

-------------------------
Муса Сейлмуханов