84 — 

Кехаташ

Кехаташ хьалха ду суна,
Лерана 1алашдеш 1охкуш,
Ойланца ас марадухку,
Кест-кеста т1ехьожу царна.
Буьйсанна боданах хьерчаш.
Цхьа хиъна со йолчу хенахь
Сайн дагца мел ч1ог1а лаьа
И цигахь муха 1а хаа.
Цу 1аьнан наб йоцчу буса
Шуьга ас. доттаг1че санна,
Дуьйцу-кха дагахь дерг ц1енна.
Кехаташ, дийцийша суна:
Ас х1унда сатуьйсу шуьга?

-------------------------
Раиса Ахматова