48 — 

Хьан б1аьрхиш

Хьан б1аьрхиш ши бесни т1адийна 1ена,
Ца соцуш, со вагош, цу кераюккъе,
Г1айг1ане доьхначу сан дагна т1емаш.
Кхоьлли ахь, цун дела кхийдаш ву юххе.

Теша, со хилла вац тахханалц ирсе,
Т1екхача сатуьйсуш хедаярх ирхе.
Беттаса буьйсанна - безаман ага,
Тахкийна, зовзийна дог дин ахь дага.

Амма хьан б1аьрхиш ду хаддаза 1енаш,
Кегди-те ас тховса ойланийн генаш?
Ма елха, хьомениг, дуй боу, теша,
Шовданел ц1ена бу хьоьга сан безам.

-------------------------
Шаид Рашидов