11 — 

Хаалахь

Хаалахь, ловр ду ас:
Цамгаро вожаварх лаьтта,
Йогучу ц1ергах суо ваттарх,
Лекхачу бердах чу таттарх.

Хаалахь, ловр ду ас:
Висарх а цхьа воцуш байлахь,
Шелоно г1ораварх лайлахь,
Къен хиларх бахам а байна.

Хаалахь, ловр ду ас:
Бехк боцуш харцо т1екхолларх,
Муш тесна танг1алкхах олларх,
Бодане ор чу суо волларх.

Амма цхьаъ ловр дац ас:
Езачу хьоьха д1акъастар,
Суо воцчу к1анта хьо хьастар,
Кхечаьрга мотт кхабар, бастар.

-------------------------
Шаид Рашидов