65 — 

1ехаделла дог

1ехаделла, хьан хабарех
Меттахдели дог.
Дахар, безам, ирсен хенаш -
Сан са хьерча хьох.
Стигал хьала кхийдаш, седа
Ийзабо ас т1е
Цкъацкъа бов и схьа а къедий,
Летош кийра ц1е.
Дуьне, 1алам суна къежна,
Гуъйре кхаьчна т1е.
Дог1ур дуй-те цкъа а соьга
Хьох къастаран де?!
1ехаделла хилла дегнаш,
1ехош лелла хан а.
Вайшиъ вовшийн гена дели,
Кхин хир доцуш цхьаьна.

-------------------------
Муса Сейлмуханов