85 — 

Везачун б1аьргаш

Г1елвелла лаьтта хьо,
Дукха го ишта...
Б1аьргаш хьан к1адделла,
Генна д1ахьуьйсу.
Ас доьху: генарчу
Хьайн б1аьргийн йовхо
Цхьак1еззиг суна а
Йохъяла кхачор.

Хьан б1аьргаш даима
Исбаьхьа лепа.
Лепа уьш диканехь,
Вонехь а лепа.
Лепа уьш. х1орд санна,
Аьхкенан делкъехь,
Амма уьш гена ду,
Седарчий санна.

Меллаша йог1у со
Ураман шортехь,
Хьо лоьхуш б1аьргбетта
Бовзазчу нахе.
Хьайчех тера б1аьргаш
Тергалло шортта.
Амма дац хьайниш гуш -
Уьш ду ас лоьхурш.

Дицлац цкъа суо латтар
1аьржачу буса,
Х1етахь сан б1аьргеха
Ледда и хиш а.
Лаьара
Сайн коьрта т1ехула
Стигла оьккхийла, -
Схьагойтуш исбаьхьа
Хьан сийна б1аьргаш.

-------------------------
Раиса Ахматова