35 — 

Хьоьжуш юй-теша соь хьо а?

Хьоьжуш юй-теша соь хьо а?
Я еха вицвелла со?
Геннахь ду девзина шо а,
К1айбелла коьрта т1ехь чо.

Дерриге ловр ду, теша,
Ловр юй-те къастаран хьу?
Ба1 хир бу сан деган бешахь,
Коьрта чохь-бодане г1у.

Дахаре йолу сан ойла
Хьо цхьаммо хазйинера.
Ца хилча динахь хьо гойла,
Г1айг1ане некъ бинера.

Ткъа гича хьо сих а елла,
Дахар а диц делла сайн,
Лаьттар со вог1авелла,
Воьдуш ког боккхура бай.

Х1унда со 1азапе лаьцна?
Дахделла къастар а вайн.
Ваций со-м сайн ирсе кхаьчча,
Довха дош алахьа хьайн.

-------------------------
Шаид Рашидов