89 — 

Ойлане дикачу б1аьргашца тийна

Ойлане дикачу б1аьргашца тийна,
Корах чу беттаса хьоьжу.
Сан ойла юха а хьоьца ю тахана,
Йоьхна и - хьо волчу хьоду.

Д1ахьоду, чехкачу бераллехь санна,
Декхначу дийнахь а, беттасин буса.
...Мухачу кхиэлаца, мухачу некъаца
Синтеме со йолчу х1усме хьо вуссу?

Хьомениг, седарчий дицди ахь суна,
Исбаьхьа иллеш а, шовданийн шабарш,
Зезагийн хазала, хьомсара лаьмнаш
Хьо гучуваларца дицди ахь суна.

Ас сайга бохура: "Х1ан-х1а, ца оьшу!"
Сан дагах и ойла, маха а санна,
Леташ ю, хазахетар я лазар ийлуш,
Ас сайга бохура: "Доттаг1алла тоьлу!"
Амма ас безам а буха ца тоьхна.

Х1ор денна ойланаш, дуьххьар а санна,
Уьдура хьоьца д1а, ца лаарх суна...
Сайн г1айг1а ас хьоьга йийцира д1а,
Дерриге хазахетар - совг1ат дан хьуна.

Хьежаран миноташ мел хала хилла,
Хьан б1аьргийн к1оргенаш мел сирла хилла.
Самукъне къежарца вай вовшийн го,
Хьо б1аьрга гушшехьа, г1айг1а д1айов!

Г1ан-набарш го суна: лаьтта со тийна,
Аренаш ялтица, бацана сийна.
Сатосуш, г1ан доду 1уьйренан мохаца...
Мухачу кхиэлаца, мухачу некъаца
Синтеме со йолчу веара хьо?

-------------------------
Раиса Ахматова