83 — 

Лаьа-кха хьоьца со хила

Лаьа-кха гуттара
Хьоьца со хилар,
Даггара г1айг1абен
Хьан къамел хазар.
Гуттар а санна, ас
1еминчу куьйга
Шуьйрачу хьан белшех
Пальто д1аяккхар.

Лаьа-кха, балхара
Хьо вог1уш цкъацкъа,
Самукъане хьажарца
Хьоьга б1аьрг тохар.
Г1айг1абар, дог-ойла
Ахь цхьамма сайца
Лаьа-кха оьмарехь
Даима екъар.

Лаьа-кха гуттара
Хьоьца со хилар,
Хьо сайна санна,
Хьуна со езар.
Сел мерза езар а
Хиларца даггара,
Лаьа-кха суо хилар
Хьан. хьоме доттаг1!

-------------------------
Раиса Ахматова