92 — 

И хьан б1аьргаш

1аьржа б1аьргаш, и ши седа
Суна-м цкъа а биц ца ло,
Маржа я1 уьш! Цар ц1е тесса
Алу хилла догу дог.

Хьан аз хезаш ирсе хета
Ладег1арах к1ордадац.
Ойла даим хьох д1а хьерчаш
Ведда вала меттиг бац.

Амма жоп дац сан безамна,
Мерза дуьйцуш 1ехаво,
Хьайга кхийдо бовха безам
Реза йоцуш чехабо.

К1еззиг веза мукъа ала.
Ала, дог ма дилла хьайх.
Хаац хьуна соьгара бала?
Езачу суна х1ун де вай?

-------------------------
Абузар Айдамиров