41 — 

Ахь яздо

Ахь яздо: "Дерриге чекхдала деза,
Ницкъ бац кхин безаман баланаш лан.
Дуьнен чохь массарел суна-м хьо веза,
Доьху хьоь, цхьа к1еззиг ойла е сан.

Лела со кхераме х1орда чохь луьйчуш,
Лоьхучу сайн ирсан чаккхе ца гуш.
Хийламмо вайна т1ехь, харц мел дерш дуьйцу,
Мелла а дегнашна баланаш луш.

Кхета со, дац хьуна х1умма а атта,
Х1унда вай къасталац алахьа соь?
Хьеречух лела со ца гича баттахь,
Х1ун де ас, дог дуьзна безам бу хьоь?"
Юха а, юха а мог1анаш доьшу,
Йоьхначу аьрзунах хьоьжуш 1а ирх.
Къаьстина, ас латта ойлане хьоьшу,
Ткъа кийра бижина 1ийжаме зирх.

Цкъа к1еззиг ладог1а, сихалла атий,
Тешалахь, кхетар бу вайн ирсан малх.
Хьоьхур ду вайх цхьаьна ц1инлуче батте,
Даккхий деш дехар ду халонаш гарх.

Ас хьуна иллешкахь кхоьлина ага,
Гойтур ду б1аьстенан баца юкъахь.
Диц дийр ду, тешалахь, кхерамехь ягар,
Хадор бу хьегначу халонийн мах.

Сих ма ло къастаран мукъ кара лаций,
Б1аьрхиш а дакъаде, хьонениг, хьайн.
Кийча ду хьуна дог безамца даца,
Ларделахь кхиийна ирсан г1ад вайн.
Ахь яздо... "Дерриге чакхдала деза.
Хала ду безаман баланаш лан".
Дерриге вай лайнарш оза дац терза,
Собар де, яц лур ю къастаран хан.

-------------------------
Шаид Рашидов