63 — 

Безам белча

Безам белча,
Нах ца боьлху тезет х1отто,
Безам белча, лаьттах и ца буллу.
Даг чохь хир ду цуьнан лахьта готта
Цхьаннан-шиннан б1аьрхи дер ду дуьра.

Хьох, сан безам, т1аьххьара д1акъаьсташ
Байлахь йисна сан къоналла йоьлху.
Б1аьрзе хилла, къора хилла, астаг1
Кхерстар ю и, 1аьржа бедар йоьхна.

Ахь со когаш1уьйра ваьккхи лайла,
Ахь со вагавити маьлхан кхерчахь.
Марша 1айла, къона безам, марша 1айла.
Сан къоналла дойла хьуна геч а.

-------------------------
Шерип Цуруев