2 — 

Безамах ведда со

Безамах ведда со
Велира гена.
Моьттура г1о дийр ду
Геналло сайн.
Ойлано идавар
Хиллера эрна
Дагчуьра йогу ц1е
Д1а а ца яй.

Цу ц1аро мерзачу
Набарха вохуш,
Вадийна валий со-м
Юха а ц1а.
Хийца а велла вац
Хийламмо боху,
Со къона латториг
Безам бу сан.

-------------------------
Шаид Рашидов