82 — 

Юха а...

Юха а наб ца кхеташ,
Чекхъели буьйса, со хьоьстуш,
Сан дог ду къахьегар дезаш,
Адамна вон дарна кхоьруш,

Маржа я1, велар хьо хууш
Ас хьуна сагатдар тховса,
Хьо хила тарлора лууш
Сан деган ойланаш хьаста.

-------------------------
Раиса Ахматова