20 — 

Безам

Къайлаха латтайо и ойла,
Мохь хилла, белша т1е йижац:
Суна хьо сов дукха веза,
Цул кхеташ х1ун хир ду т1аккха?
Ойланца хьо дуьхьалтуьйсу,
Х1оразза хьо б1аьрга гарца
Къонло со, хазло сан дог,
Кхин т1е а дог-ойла тало.
Х1аъ, суна веза хьо -
Халахетарца, б1аьрхишца...
Амма цул тоьлла х1умма а
Яхарехь ца хиъна.

-------------------------
Раиса Ахматова