54 — 

Бер ахь хьайна дукхадеза боху

Бер ахь хьайна дукхадеза боху,
И дилхича б1аьргех долуш хиш.
... Хьо гича соь даго кхаьънаш доху,
Нене санна г1ийла кхойкхуш хьоь.

Ду и берал аьрха иштта лело...
Тахка еза цунна нана-хьо.
Безам-илли аьлла, иза 1ехо
Хьан башха аз оьшу даима.
"Аганара" мукъадал а г1ерта,
Човхийча хьан б1аьргийн хьажаро...
Хьайга деха, мара къовла, хьаста,
И делалуш хьуна къежар ду.

Сан туьйранех 1ехаделла иза,
Йог1у аьлла кхана, лама хьо...
Сатийсаман бешахь ловзуш хьийза
К1ордийна, цо йоьху даим хьо!

Бер ахь хьайна дукхадеза боху,
И дилхича б1аьргех долуш хиш...
Сан даго ша хьан бер ду ма боху,
Орца дохуш безам-ц1ергахь леш.

-------------------------
Сайд-Хьасан Тагаев