24 — 

Ца тешаш ч1аг1онех хьо ела къежа

Ца тешаш ч1аг1онех
Хьо ела къежа,
Беснеш а лечкъайо.
Хета къиза.
Ткъа аьлча: "Вовшеха
Вай къаста деза!"
Б1аьргаш хьан хих дузу.
Х1ун ду иза?

Х1илланаш ца оьшу
Шинна а юккъехь,
Там лехар эрна ду
Безам бацахь.
Мила ву шалхонаш
Лелош верг юххехь?
Юкъ йохош болчеран
Бан а бац мах.

Вовшашна девза вай,
Лулахь а деха.
Дай-наной шиннен а
Оьзда хилла.
Хьенан х1ун дара хьоьх
Я ала соьх?
Делахь а дегнаш чу
Йижна чилла.

-------------------------
Шаид Рашидов