21 — 

Хьо б1аьргех тешалахь

Хьо б1аьргех тешалахь,
Сан ц1ена дог цара гойту.
Дарлой ма хьежалахь,
Хьуна т1е некъ а соь бойту.

Царна чохь эхь а ду,
Беснеш а цундела йогу.
Хьежарх а ехха чу,
Гур ма бац шалхаллин некъаш.

Эхь, иман доцчуьнгахь,
Хир а бац дог ц1ена безам.
Ткъа безам боцчуьнгахь,
Банне а бац хьуна тешам.

Делах ша коьруш верг,
Муьлхха а вониг дан кхоьру.
Адамаш лоьруш верг,
Цара а даима лоьри.

Б1аьргех хьо тешалахь,
Сан ц1ена дог цара гойту.
Дарлой ма хьежалахь,
Хьуна т1е некъ цара гойу.

-------------------------
Шаид Рашидов