50 — 

Мацца а езачо

Мацца а езачо дахь суна х1илла,
Цуьнгахьа ца хьажа ас ч1аг1о йо.
Х1умма дац эккхарх а езаш дог кийрахь,
Шалхалла йолчуьнца воьхна х1ун до?

Ткъа нагахь езачо суна букъ тохахь,
И санна г1алатло йожарна сох,
Иза а ца оьшу сихаллехь йоха,
Кхуссур ду ченала ямарта дог.

-------------------------
Шаид Рашидов