60 — 

Со кхоьру

Со хьоьгу дог1анех, шийлачу
дог1анех, ахь когаш левзинчу
лаьтта д1аэн йиш йолчу...
Дерриге дуьненна тахана
доьлхучу дог 1анех. Со кхоьру
серлонах, цу маьлхан
серлонах, хьуна
т1аьхьах1оьттина дог1у сайн
1индаг1 д1адарна кхоьру со...
Дуьне а 1абадеш, кхеттачу цу
маьлхан серлонах. Со йоьду,
паналлехь зама а сацийна,
б1ешерех цхьа м1аьрго хийца,
хьо ган йиш йолчу еккъа цхьа
м 1аьргонах хийца... Ткъа
дуьне...? И сох ца кхета...

-------------------------
Люба Арсалиева