57 — 

Дерриге а - хьуна

Хьо-сан лаам бу лекха,
Ондда, хьалакхийдаш,
Датон басахь лепаш,
Сан ирсах лешаш.

Хьо-сан шовда ц1ена,
Х1ора денна молу,
Седа токхвеш 1енаш.

Хьо-сан беш ю 1ежийн
Ас денна садо1у.
Сан деган пхенийн
Тешамен 1у.

Хьо-вайшиннан паччахь ю,
Ас хьуна ло берриг мохк,
Хьал, дахар, 1алам,
Сайн сатийсамийн дохк!

-------------------------
Хьасан Гапураев