75 — 

Хьоьга

Нисса шо кхаьччера
Суна хьо еза,
Хьоь болу безам ас
Сайн дагчохь къуьйлу.
Яйнера мерза наб,
Байнера синтем,
Дог дара диллина
Безамо 1уьйшуш.

Хийлазза вог1ура
Хьо йолчу аг1ор,
Сайн дагца ч1аг1о йой
Ц1енна д1адийца.
Хийлазза вирзира
Ца дуьйцуш хьоьга,
Кхоьрура хиларна
Хиллариг х1инца.

Амма ницкъ бацара
Кхин д1а садетта,
Бовхачу безамо
Боттура кийра.
Дийцира сайн ницкъал
Безам а тоьлла
Кхоьррушехь хетарна
Хьан дагна хийра.

Ахь лехахь куц хаза,
Дац иза соьца,
Яц соьца куралла,
Кочалла яьсса.
Ткъа сан дог къайлехь ду
И хьуна довзац,
Амма хьо тешалахь:
Дац иза даьсса.

Массаьрца хьанал ву,
Шалха мотт боцуш,
Дог ду сан тешаме
Харцо ца езаш.
Ч1аг1о ю ас йина
Йохалур йоцуш,
Дуьненчохь хан яккха
Халкъана вецаш.

И ойла кхочушъеш
Къахьега деза,
Ирс кара ца дог1у
Д1а ка ма туьххи,
Дуккха а ирхонаш
Яха сан деза,
Амма со соцур вац,
К1адваларх воьхна.

Цундела хиндолчу
Дахаран новкъахь,
Везара дог эца
Тешаме накъост.
Соьца ирс, ткъа нислахь
Халонаш екъа,
Хилахьа доттаг1а
Цкъа а ца къаста.

Даггарчу безаман
Х1у дийнчу арахь,
Лен доцчу зезагийн
Хазалла иэшац.
Сох тешна дахаран
Новкъа хьо ялахь
Хьо дохко ер яцарх
Хилахьа тешаш.

Кхетац хьо, кхетац хьо
Сан дагахь долчух,
Я тешац даггара
Дуьйцучух хьайга.
Ницкъ хилча, дависарг,
Кийра д1абелла,
Хьо езаш догу дог
Хьоьга д1агайта!

-------------------------
Абузар Айдамиров