77 — 

Юха а хьоьга

Хьо гаре сатуьйсуш -
Гарна а кхоьруш,
Суьйранна шун куьпахь
Лелаш со тийна,
Урамехь хьо гича
Эсала йоьлуш,
Юха а безамо
Багийра кийра.

Шо хьалха хьоьх къаьсташ
Хилла чов дагна,
Хьан хазчу къамело
К1аргъеш д1айилли
Х1уммаъ дац... хин шена
Чим цунах даьгна,
Амма хьо, хьомениг,
Ма хийцаелла?

Хьан б1аьргаш хиллехь а
Цу дийнахь доьлуш,
Ца гора царна чохь
Хилла ц1е хьалха,
Урамца уьш д1аса
Кхерстара кхоьруш,
Тарлора мархийх чекх
Хьоьжучу малхах.

Б1аьстенан кху хазчу
Ирсечу дийнахь,
Х1унда гац суна хьо
Нийсаройн мог1арехь,
Къона ницкъ, догу дог
Ма хьалхе тийна,
Талхий-те сан зезаг
1индаг1е доьг1на?

-------------------------
Абузар Айдамиров