33 — 

Вог1у со-м

Хийла шо т1ехтиларх,
Суна-м хьо йицлур яц.
Сихвелла бехк билларх,
Хьоь безам ширлур бац.
Дийнахь а лоьхур ю,
Лоьхур ю буьйсанна.
Даим хьоь хьоьжур ву,
Б1аьргийн нур туьйсина.

Сайн корта к1айбелла,
Къаналле дег1 дерзадарх,
Вайн къастар дайделла,
Дог1ур дац де мерза.

Миноташ т1ехъюьйлу,
Вовшашна вай ца гуш.
Хьуна т1е некъ буьллуш,
Вог1у со-м къар ца луш.

-------------------------
Шаид Рашидов