22 — 

Хьо дагайог1ий

Хийла а хьо дагайог1ий,
Ойлане х1утту со д1а.
Безамо хьегош дог огу,
Сатуьсу денна а ган.

Хьегаро мара а вуллий,
Вуьгу со геналле д1а.
Цхьа башха кийра а юлий,
Х1унда ахь сагатдо сан?

Къоналлин б1аьсте ю хьоьца,
Беснеш а нуьре ю хьан.
Дахаран гуьйре ю соьца,
Корта а сирбелла сан.

Амма дог соцуш дац цкъа а,
Къар ца луш деттало и.
Хан яларх ца ло и-м къан а,
Бехкениг карош яц кхин.

Хьо цхьанна ду иза дехаш,
Цунна со ойлане 1а.
Дикане сатуьйсуш веха,
Хьо йоцчохь дахар дац сан.

-------------------------
Шаид Рашидов