40 — 

Бала т1ех1оьттича

Бала т1ех1оьттича бийца да воцуш,
Хьо йолчу вог1ий со-м иза балхо.
Дог серладоккху ахь хералла йоцуш,
Хилла яц вайшинна юккъехь шалхо.

Хьан елакъажар а дешнашца хьастар,
Геналлехь хилча а схьахаало.
Х1ан-х1а, цкъа лалурдац суна хьох къастар.
Хьол хьалха д1аг1ур ву лаьтта к1ел со.

Д1аг1ур ву цигара хьоьга сатийса,
Ларбийр бу сайна т1е ахь бохьу некъ.
Кхин яц хьол гергара къайленаш йийца.
Хьо ирсе хилчхьана ца волу шек.

Дерриге хьан дешнаш г1иллакхе, оьзда.
Кийрарчу серлонца нуьре ю юьхь
Хьан дахар хиларх а кхечуьнца доьзна,
Хьо-м суна хеталой сайн ирсан бухь.

Тийсалуш вог1у со, г1ерта т1екхача.
Юха а шерша ког, кхачабой ницкъ.
Мила ву эшначохь г1оьнца куьг лаца?
Амма ахь ма велахь сихонца виц.

Кийра сайн 1овжийча г1о дан да воцуш,
Хьуна т1ехьоду со иза балхо.
Сапарг1ат доккху ахь даге куьг лоцуш,
Хили хьо-м сан синан говза дархо.

-------------------------
Шаид Рашидов