81 — 

Безаман йиш

Хьо езаш хьайга дийцарна,
Бехк х1унда буьллу ахь суна,
Сан хьомениг,
Ю-те хьо безам бовзанза,
Я цуьнан къахьо 1овшанза?

Б1аьстенан хьаннаш сенъелча,
Заз доккхуш бошмаш тоелча,
Гиний хьуна
Шен дашо з1аьнарш яржийна,
Малх хьаьжча дуьне къагийча?

Олхазарш декаш хьаннашкахь,
Шовданаш уьдуш аьрцнашкахь,
Гиний, хьуна,
Зезагаш техкаш бацалахь,
Маршалла хоьттуш цу малхе?

И дерриг 1алам доккхадеш,
Цу малхе хьоьжуш декъалбеш,
Сан хьомениг,
Хьо гуччохь хьоьца ца хилча,
Хетало дуьне кхоьлина.

Хьо суна генахь хиларах,
Наггахь бен вовшийн ца гарах,
Сан хьомениг,
Ас мел ен ойла хьоьца ю,
Сан даг чохь даим хьо ца1 ю.

Б1аьргаша даим хьо лоьху,
Кийрарчу даго хьо йоьху,
Сан хьомениг,
Йог1ур ю але, дош лохьа,
И дош лой соьга йолахьа.

1аьржа б1аьргаш, и ши седа
Суна-м цкъа а биц ца ло,
Маржа! Цара ц1е тесна,
Алу хилла догу дог.

-------------------------
Абузар Айдамиров