80 — 

Бехк ма билла

Кхета, кхета дуьххьал сайга
Ахь цааларх
Кхета,
Х1етте еза, дерригенал
Дагна хьоме
Хета.

Хьан аз хезаш санна хета,
Сибат дуьхьал
Х1уьтту.
Дийца бохуш сан бертаза
Даго хьалха
Тоьтту.

Хьоьга безам сайх д1акъасто,
Маршавала
Г1ерта.
Амма, амма сан лаамца
Дог ца дог1у
Берта.

Стиглахь сирла седа санна,
Догу 1аьржа
Б1аьргаш
Дайча доьлуш, тохалой дог
Дуьхьал г1оьрту
Царна.

Елаелла соьга хьаьжча
Ц1аро морцу
Кийра.
Юха, юха хьо ган лууш
Къайлах лоьху
Тийна.

Ахь д1алаьцна ерриг ойла,
Синтем байна
Хьийза.
Хьайга езаш ас дийцарна,
Суна бехк ма
Билла.

-------------------------
Абузар Айдамиров