43 — 

Хьан тутмакх хили сох

Хьан тутмакх хили сох, валалац гена,
Миноташ мел юьйлу дог кхийда т1е,
Хьан куьцо, хазалло ваьккхи со шена,
Йилли ахь сан кийра йовр йоцу ц1е.

Вогу со лаг1ъялар доцчу цу ц1ергахь.
Ехаш хиларна хастам а беш.
Дуьнен т1ехь сайн вахар ца хета эрна,
Хьоь болу сан безам бу цунна теш.

Дагахь ю декабран т1аьххьара буьйса,
Ойлане бекара пондаран мерз.
Вай б1аьргаш ца 1ебаш вовшашка хьуьйсуш,
Стиглара меллаша дуьллура дера.

Хийла къурд бира ас еза ца олуш,
Ца хууш хьан деган къайленехь дерг.
Ткъа тховса ойлано маса дин лоллу,
Хета суо дерриге ирс кхаьчна верг.

Хьан тутмакх хили сох, валалац гена,
Йилли ахь сан кийра безаман ц1е.
Г1иллакхо, хазалло кхоьлина т1емаш,
Кегдан ницкъ кхочур бац цхьанне а ден.

-------------------------
Шаид Рашидов