9 — 

Тешначо тешнабехк ца бинехь хьайна

Тешначо тешнабехк ца бинехь хьайна,
Ирс дайна алий ма г1атта.
Езачо ца аьллехь:
"Безам хьоь байна!"
Декъале ву хьуна лаьттахь.
Ден, ненан т1алам беш ирхонаш яьхнехь,
Къонах хьо лорур ву наха.
Дикачу ойланца мехкан урд аьхнехь,
Къен хиларх хала дац ваха.

-------------------------
Шаид Рашидов