70 — 

Со теша

Со теша-халонийн кочар
Собарца даьстина д1а,
Т1ебеъна бала вайн кочара,
Боккхур бу, Нохчийчоь, ахь.

Со теша-б1аьстенан малхо
Яшор ю цабезаман къахь.
Ойланаш ц1анлур ю, шалхо
Ца юьтуш вайн дегнашкахь.

Со-теша, турпалчу къомана
Карор бу машаре некъ:-
Дай баьхна хьому Нохчийчоь,
Ехийла вон ца гуш цкъа а!

-------------------------
Муса Сейлмуханов